Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 5:9 - Делан Йозанаш

9 Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 5:9
39 Referencias Cruzadas  

Зуламе къамелаш деза хьуна, ямарта мотт.


Иза а гина, Делан лаамехь берш ларамах буьзна хир бу. Уьш боьлур бу цунах:


Суна тӀедерза, тӀаккха кӀелхьардевр ду шу, дуьненан массо а маьӀӀера адамаш! Со Дела ву. Со воцург, кхин дела вац.


Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Ӏийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахӀитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цӀа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кӀелхьардаккхар дуьненан массо а маьӀӀе кхачийта».


Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а, Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугӀуш а? Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг, Везачу Элан цӀарах тешна Ӏаш а хуьлийла, шен Далла тӀетевжаш а хуьлийла.


ХӀинца тидам бе, Суна тӀедуьйла! ЛадогӀа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна.


Кхузткъе уьттазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гӀалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тӀе мухӀар тоха а, къинош дӀадаха а, даим нийсо латтийта а, хӀуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чӀагӀдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а.


Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогӀахь».


Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!»


Ӏийсас жоп делира: «Даха а гӀой, цхьогало санна, зулам деш волчуьнга дӀаала: „Ас жинаш дӀа а лохкур ду, нахана дарбанаш а дийр ду тахана а, кхана а, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Сайн болх чекхбоккхур бу“.


Къонза а мелла, Ӏийсас элира: «Кхочушхили!» ТӀаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дӀаделира Цо.


Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хӀуманна тхо тешаш а ду.


Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла».


Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш».


Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгӀат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтӀахь хилийта а.


Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тӀе. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?»


Кхечу къаьмнех болу нах Далла тӀеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас соьгахула дина доцу цхьа а хӀума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гӀуллакхашца а


Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю.


Далла бу хастам! ХӀетахь къинан леш шу хиллехь а, хӀинца шаьш муьтӀахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу.


Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь ярхьама.


Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама.


Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Ӏийсах болу хаза кхаъ тӀе ца эцначарна а дӀадоькхур ду Цо.


Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахӀиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна.


Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хӀара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула луш долу кӀелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта.


Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?


Дала вайна цхьа тоьлла хӀума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.


Тешар хиларна, Дала шена тӀедиллинарг кхочушдеш, шен дола доккхур ду аьллачу лаьтта тӀе вахара ИбрахӀим. Ша стенга воьду а ца хууш, дӀавахара иза.


тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.


ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.


таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира.


Гезарийн а, эсийн а цӀий доцуш, Шен цӀий а Ӏанийна, цкъа Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргӀатдовлар даьккхина Цо.


Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дӀадаха Цо тӀеэцна Ӏожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама.


иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву.


Бакъдолчунна муьтӀахь хиларна, шайн синош а цӀандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хӀинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!


Иштта вайна хаьа, Делан КӀанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Ӏаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!


Делан безамехь шаьш Ӏалашде, вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шен къинхетамца Дела волчохь хедар доцу дахар даларе а хьоьжуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios