6 Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.
Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.
Оцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.
Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш?
Иза кхин а чӀогӀа билгалдолу, Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча.
ХӀунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
Ӏийса чӀагӀо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чӀагӀо йина, ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза: „Гуттаренна а динан да ву Хьо“».
Делан Йозанаша хӀумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КӀант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза.
УьтталгӀа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦӀадакъах – иза дийна ву аьлла.