Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 5:5 - Делан Йозанаш

5 Иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тӀе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох».

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 5:5
12 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло билгалдаьккхинарг дӀакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох.


«Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу гӀаланашна юкъахь уггаре а кӀезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».


ХӀунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КӀант дӀаваллал дезна Далла хӀара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хӀаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама.


Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц.


Ӏийсас жоп делира: «Нагахь Ас-Айса Сайн сийлалла дахь, и Сан сийлалла хӀумма а доцург ду. Сан сий аша шайн Дела ву бохучу Сан Дас лакха доккху.


Ӏийса а ваийтина, вайна, церан берашна, Дала кхочушдина Ша аьлларг. ШолгӀачу назми тӀехь яздина ду: „Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох“.


Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина.


Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,


ХӀунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КӀант а хир ву?»


Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.


Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.


Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios