Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 5:3 - Делан Йозанаш

3 Цундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 5:3
10 Referencias Cruzadas  

Къинан сагӀина халкъана тӀера бож юьйр ю цо, тӀаккха цуьнан цӀий а, старгӀин цӀий санна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза бартбаран тӀорказна хьалха а тухур ду цо.


Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа а йийна, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадохур ду цо.


АхӀароне Мусас элира: «СагӀа доккхучу кхерчана тӀе а гӀой, хьайна тӀера къинан сагӀа а даккха, дийнаташ дагоран сагӀа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама. Халкъо деана совгӀаташ схьаэца, наха летийна къинош дӀадахархьама, Везачу Эло тӀе-ма-диллара».


ХӀунда аьлча аса тӀеэцна болу а, шуна дӀабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тӀера велла.


Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна,


Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.


ШолгӀачу цӀа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цӀий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тӀера даьккхина долу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios