Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 5:14 - Делан Йозанаш

14 Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чӀогӀа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Ӏемира дика а, вон а къасто.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 5:14
24 Referencias Cruzadas  

амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»


ТӀаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хӀунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, – аьлла».


Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама,


Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Ӏамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хӀокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тӀехь урхалла хьаьнга далур ду?»


Маттана юучун чам хааре терра, лергана а ца девза ткъа дешнаш


хӀунда аьлча лергаша дешнаш къастадо, матто юучу хӀуманан чам къастош санна.


Аса шуна харцдерг ца дуьйцу. Сан матте бохамаш къасталур бац ткъа?»


ДӀайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ! Паччахьо шен цӀа чу йиги со! Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду. ЧагӀарал чӀогӀа болу хьан безам хестор бу вай. Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!


Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна, кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш.


Цо кӀалд а, моз а дуур ду, вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏаммалц.


Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».


Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тӀеэца.


Тешарна тӀехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац.


Шун дегнашна тӀера пардо дӀадоккхийла Цо, шу тӀекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хӀун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ


Тешарехь а, Делан КӀант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц.


Ӏийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тӀехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дӀадоьллур ду.


Массо а хӀума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш.


Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дӀататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чӀогӀа къахьега деза.


Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дӀахӀотто: къинах дӀакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тӀе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тӀе сихлойла вай.


хӀунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегӀан дола дало.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios