Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 5:12 - Делан Йозанаш

12 ХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 5:12
23 Referencias Cruzadas  

Цу хенахь Ахьи-Тупала беш болу хьехамаш Делера болу хьехамаш санна лорура. Уьш Дауда а, Абушалама а чӀогӀа ладогӀа дезаш болу хьехамаш бара.


Иза иштта хилира, хӀунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Ӏаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а хьехарна а тӀедерзийнера.


Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш. Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух.


ТӀаккха царна Везачу Элан дешнаш хӀорш хир ду: «Весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма». Уьш, дӀа а бахана, аркъал а кхетта, хӀаллакьхир бу, гура чу а нисбелла, дӀалоцур бу.


Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тӀе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагӀар а, шура а эца!


Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!»


ТӀаккха Ӏийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тӀе».


Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тӀехь малико шега дийцинарг дӀааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама.


Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду.


Амма суна гӀолехь хета, динан тоба гулъеллачу хенахь, сайн хьекъалца пхи дош алар кхечарна хьехам бархьама, тамашийначу маттахь итт эзар дош олучул.


Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тӀехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша!


Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Ӏадатийн а долахь.


Ткъа хӀинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду.


Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала.


Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тӀаьхьа, шу, чӀогӀа баланаш а лайна, чекхдевлира.


Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета.


ХӀинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хӀунда аьлча иза бер долу дела.


Цундела Дала леррина Къобалвинчо хьехначух уггар аттаниг дита вай. Вайн ца деза кхин цкъа а хьехаман дух дӀахӀотто: къинах дӀакъастарх а, Делах тешарх а болу хьехам, хих чекхдовларх а, тӀе куьйгаш дахкарх а болу хьехам, веллачуьра денваларх а, гуттар а хин йолчу кхелах а болу хьехам. Тешарехь кхиинчарна лерина болчу хьехамна тӀе сихлойла вай.


Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цӀеначу дашах хьага, цуьнан гӀоьнца шу даккхий а хилла, шун кӀелхьардовлар чекхдалархьама,


Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гӀуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гӀуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Ӏийсан бӀеннаш шерашкахь, амин!


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios