Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 5:11 - Делан Йозанаш

11 Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 5:11
12 Referencias Cruzadas  

Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цӀе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тӀееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама.


Оцу нехан дегнаш чӀагӀде, лергаш къорде, бӀаьргаш дӀакъовла, церан бӀаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тӀе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».


Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бӀаьргаш дӀахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бӀаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кӀеда а хир дара, уьш шайна гӀо дайта Суна тӀе а богӀур бара, Аса уьш то а бийр бара!“


ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХӀинца а ца кхета те шу?» – аьлла.


ТӀаккха Ӏийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша!


Кхин дуккха а дара Сан шуьга ала, амма цкъа хӀинца кхетар дац шу.


Иза Пилап зерхьама элира Ӏийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг.


ХӀунда аьлча дегнаш чӀагӀделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бӀаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бӀаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тӀебирзича, Ас дарба дийр дара царна“».


Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.


ХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта.


Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тӀехь. Кхета хала хӀуманаш ду царна тӀехь, цундела кӀорггера хаарш доцучу а, динехь чӀогӀа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хӀаллак а хуьлуьйтуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios