10 Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.
Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гӀалин паччахь Малки-ЦӀадакъа велира, бепиг а, чагӀар а эцна, Ибрамна дуьхьал.
З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо. И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.
Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.
Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.
Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета.
Оцу езачу меттиге вайл хьалха Ӏийса вахана, Малки-ЦӀадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.