Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 4:9 - Делан Йозанаш

9 Делан халкъана ворхӀалгӀачу дийнан синтем хӀетте а буьсу.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 4:9
17 Referencias Cruzadas  

Хьалха тхуна Делан гӀуллакхех лаьцна хезна, ткъа хӀинца уьш ги тхуна тхайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Элан гӀалахь. Дала и гӀала гуттаренна а латтайо.


ВорхӀалгӀачу дийнахь халкъо садоӀура.


Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Ӏаш волу меттиг сийлалла хир ю.


Нийсачу новкъахула лелларш паргӀатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Ӏожаллин меттахь.


Цо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллалахь, хӀунда аьлча Цо Шен къам къинойх кӀелхьардоккхур ду».


Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.


Делан халкъаца халонаш лан резахилира иза, йоццачу ханна долу къилахь самукъадалар лелочул.


Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла».


Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта.


ХӀунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гӀуллакхех паргӀатваьлла, Дела Шен гӀуллакхех паргӀат ма-валлара.


Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хӀунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь.


Нагахь санна ЮшаӀа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хӀумма а аьлла хир дацара.


«Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хӀинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хӀинца Дала къинхетам бина шух».


ТӀаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДӀаязде: „ХӀинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“». «Билггал бакъ ма ду, – боху Делан Сино, – Шаьш дечу гӀуллакхех садоӀур ду цара. Церан гӀуллакхаш а царна тӀаьххье дӀагӀур ду».


Дала церан хӀора бӀаьрхи а дӀадоккхур ду. ХӀинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хӀунда аьлча хьалхалера хӀуманаш дӀадевлла».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios