Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 4:8 - Делан Йозанаш

8 Нагахь санна ЮшаӀа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хӀумма а аьлла хир дацара.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 4:8
13 Referencias Cruzadas  

ЭлишамаӀан кӀант вара Нуна. Ткъа Нунин кӀант вара ЮшаӀ.


Ткъа Цо тидам бира уьш гӀайгӀанехь хиларан, церан орца даккхар Шена дӀахезча.


Вайн дайша ЮшаӀна тӀаьхьахӀиттина, тӀом а беш, шаьш схьабаьккхинчу махка деара и четар. Ткъа Дала цигахь хьалха Ӏийна халкъаш дӀалаьхкира. Дауд паччахь хӀотталц цу махкахь дара и четар.


Шу цкъа хӀинца а паргӀато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тӀе ма ца девлла.


Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш».


Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,


Делан халкъана ворхӀалгӀачу дийнан синтем хӀетте а буьсу.


Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гӀо де царна. ТӀаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де».


Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дӀаделира ЮшаӀа. Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.


ХӀинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХӀинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тӀе дӀа а гӀой, шайн четарш чу юхадерза.


Везачу Эло исраилхой гонах болчу мостагӀех кӀелхьарбаьхначул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзинера.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios