7 Цундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш».
Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бӀе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цӀа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хӀоьттина доьалгӀа шо долуш, Зив олучу шеран шолгӀачу баттахь.
Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
Ӏийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахӀоттийна волчу Дауда хӀунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу:
Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.
Дауда забура тӀехь ша ма-аллара: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агӀор охьахаа,
Вежарий, аса билггала бакъдерг дӀахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дӀа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду.
Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегӀана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна.
Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дӀабаха гӀерташ болчу хенахь, ПахӀала элира хӀара тӀаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула шун дайшка:
Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара».