Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 4:16 - Делан Йозанаш

16 Ӏийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гӀантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гӀо дайтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 4:16
18 Referencias Cruzadas  

Цул тӀаьхьа Везачу Элана дӀахӀотто дезачу цӀийнан дехкина суьрташ тӀехь долу кехаташ дӀаделира Дауда шен кӀанте Сулиме. Оцу кехаташна тӀехь Везачу Элан цӀенна гонах хир йолчу чоьнийн, кертахь хир йолчу гӀишлойн, цуьнан чоьн-цӀенойн, тӀехула хир йолчу а, чухула хир йолчу а чоьнийн, адамаш къинойх цӀандеш хир йолчу меттиган дехкина суьрташ дара.


Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хӀуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац.


Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.


хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела.


Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн.


Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча, со хӀуманах а кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?»


Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.


(Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.


Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.


ТӀорказна тӀехула тӀемаш а даржийна, къинош дӀадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХӀинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн.


«Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хӀинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хӀинца Дала къинхетам бина шух».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios