Ӏебархошка 4:12 - Делан Йозанаш12 Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агӀор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьӀахкех тӀум а дӀа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. Ver Capítulo |
Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.