Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 3:9 - Делан Йозанаш

9 Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 3:9
17 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!


„Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тӀемаш тӀехь санна, шаьш Со волчу схьадалор.


Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш.


Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама.


Шун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана.


Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гӀой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.


Амма Хьалом (гочйича и цӀе «бозбунча» бохург ду) царна дуьхьал вара. Проконсул векалша хьоьхучух ца тешийта къахьоьгуш вара иза.


Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦӀечу хӀорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а.


Везачу Эло мел дина долу сийлахь гӀуллакхаш гинарш шун бӀаьргаш бара».


Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирӀунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг.


Шун бӀаьргашна гир-кх, шун Везачу Дала ПаӀор-ломахь мел динарг. БаӀал-ПаӀорна тӀаьхьа мел хӀоьттинарг шун Везачу Дала, хӀаллак а вина, шуна юкъара дӀаваьккхина.


Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бӀаьргашна гина гӀуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дӀа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дӀадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а.


Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хӀокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хӀун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла.


Шун бедарш шуна тӀехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара.


Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тӀом беш.


ТӀаккха шун дай Везачу Эле маьхьарца кхайкхира. Ас шуна а, мисархошна а юккъе бода баийтира. Юха, царна тӀе хӀорд а хецна, уьш хӀаллакбира. Шун бӀаьргашна гина Ас Мисарахь динарг. Юха дуккха а хан яьккхира аша яьссачу арахь.


Исраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тӀом балуш болу божарий белла дӀабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгӀнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чӀагӀо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios