Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 3:6 - Делан Йозанаш

6 Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 3:6
46 Referencias Cruzadas  

Ларийша кӀант, Иза оьгӀаз ца вахийтархьама а, шаьш хӀаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгӀазвахар цӀеххьана чӀагӀлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а!


Эла а царна юкъахь хила веза – уьш чубогӀучу хенахь чуван веза, уьш арабовлучу хенахь аравала а веза.


Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.


Аса боху хьоьга: хьо, тӀулг санна волу, Кипа ву. Цу тӀулга тӀехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цӀеран а иза йохо ницкъ хир бац.


Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.


Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дӀабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидӀа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дӀахадийна.


Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доӀанаш делаш.


Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргӀатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама.


Вай Цунах тешар бахьана долуш, Ӏийсас Делан доккхачу диканна тӀекхочийла хилийтина вайна. ХӀинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай.


Шуна ца хаьа ткъа, шух хӀорра а Делан цӀа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а?


Я шуна ца хаьа те, шайн догӀмаш шуна чохь долчу а, Дала делла долчу а Делан Синан цӀа дуйла? Шу шайн долахь ма дац!


ХӀун цхьаьнадогӀург ду те Делан цӀенна а, цӀушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цӀа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».


Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.


Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош.


Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн.


Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тӀехь шеконаш а йоцуш, чӀагӀ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дӀа ца хадийтахь а. Стигал кӀел болчу массаьрга а дӀахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахӀалах.


Гуттара а самукъане а хилалаш,


Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахӀиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна.


Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а.


ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина.


Иштта, вежарий, Ӏийсан цӀий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цӀийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн.


Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цӀенна тӀехь хӀоттийна ву вайн.


Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву.


Иштта шайн доьналлех ма доха, хӀунда аьлча цунах шуна доккха совгӀат лур ду.


Тешар сатуьйсуш долчунна тӀехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду.


Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.


Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догӀарна Делах ца къастийта.


Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай.


Ӏийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гӀантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гӀо дайтархьама.


Тхуна лаьара, шух хӀораммо иштта шайн тӀедирзина хилар шаьш чекхдовллалц гойтийла, шун сатийсамаш кхочушхилийтархьама.


Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама.


(Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.


Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хӀинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чӀогӀа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хӀунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Ӏалашо: шайн кӀелхьардовлар.


Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.


Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тӀера йолалур ю иза. Ткъа вайна тӀера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тӀе ца эцначу нахана хӀун таӀзар хир ду?!


«Иштта Тхьайтир-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху бӀаьргаш цӀеран алу санна а, когаш къегачу цӀастанах санна а болчу Делан КӀанта.


Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’.


Толам а боккхуш, Сан гӀуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тӀехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гӀожаца царна тӀехь олалла дийр ду, кхийра пхьегӀаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Ӏуьйренан седа.


Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios