3 Ӏийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цӀа дийриг ша дечу цӀийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара.
«Кху Делан цӀийнан бух Зурбабелан куьйгаша дӀахӀоттийна, цуьнан куьйгаша хӀара цӀа чекх а доккхур ду. ТӀаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхӀу-пайхамар хьан халкъана тӀе ваийтинийла.
Аса боху хьоьга: хьо, тӀулг санна волу, Кипа ву. Цу тӀулга тӀехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цӀеран а иза йохо ницкъ хир бац.
Тхойшиъ цхьаьна Далла гӀуллакх дийриг ву, ткъа шу Делан аре а, Цуьнан гӀишло а ю.
Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тӀулга тӀехь яздина дерг хилла дӀахӀоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тӀе ца хьажалора, и нур лагӀлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча,
Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегӀ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хӀуманна тӀехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама.
Амма тхуна гург Ӏийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хӀинца, Ӏожалла тӀеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама.
ХӀунда аьлча муьлхха а цӀа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву.
Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.