Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 3:2 - Делан Йозанаш

2 Ша ДӀахӀоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цӀентӀехь Муса тешаме ма-хиллара.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 3:2
14 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас.


Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.


Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела.


Ахьа Сайна тӀедиллина гӀуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас.


Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц.


И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела».


Иза бахьана долуш, шу а дӀахӀиттош ду, Дела Шен Синехула Ӏаш волу меттиг хилийтархьама.


Сан Везачу Дала сайна тӀедиллина ма-хиллара, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а довзийтина ас шуна, шайн дола баккха шу тӀедоьлхучу оцу махкахь шуьга и хьехамаш кхочушбайтархьама.


Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гӀуллакх дан со билгалваьккхина Цо.


Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а.


Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.


ТӀаккха Шамъала нахе элира: «Веза Эла ву Муса а, АхӀарон а ДӀахӀоттийнарг, шун дай Мисар-махкара Арабаьхнарг.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios