17 Хьанна оьгӀазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьӀахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгӀаз?
ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».
Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дӀасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Ӏохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тӀехьа Ӏохкуш долу хьаькхна кӀа санна, Ӏохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“».
Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана,
ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду.
ХӀокху яьссачу арахь оьгур ду шун догӀмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тӀехдевлларш, Суна луьйш хилларш,
И хабарш дийцина нах Везачу Эло, цамгар а кхетийтина, балийтира.
Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.