Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 3:16 - Делан Йозанаш

16 Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш?

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 3:16
18 Referencias Cruzadas  

Цунна тӀелеташ болчу хашадхоша, гӀалина чу а баьхкина, гӀаланах цӀе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тӀехь БаӀална хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш дахарна а, наха Со оьгӀазвахийтина массо а цӀенош шаьш дагийна хир ду.


цигахь дехаш хиллачу адамаша дина долу вонаш бахьана долуш. Я царна а, я шуна а, я шун дайшна а хьалххе бевзаш ца хиллачу кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, царна Ӏамал а еш, Со оьгӀазвахийтира цара.


Шайн куьйгашца бинчу цӀушна Ӏамал а еш, шаьш цигахь Ӏан дӀадаханчу Мисар-махкахь кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, Со оьгӀаз хӀунда вохуьйту аша? Шу шаьш хӀаллакдеш ма ду, дуьненан массо а къаьмнашна хьалха наха шун цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна шу дола хетар ду.


Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара халкъ мел Ӏийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Ӏийр ду иза?


Мусана а, АхӀаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара!


Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тӀе, цу нехан йоцу, цӀена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тӀаьхьенан долахь хир ду Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш болу латта.


Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тӀе шу кхочур дац, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.


Керлачу махке хьажа баханчу нахах, Нунин кӀант ЮшаӀӀий, Епунин кӀант Килаббий бен, дийна ца висира.


Уьш шайна юкъахь барт бан хӀиттира: «Ваьшна тӀехь хьаькам а хӀоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», – бохуш.


Везачу Эло хӀетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хӀаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.


Хьан гӀоьнча волу Нунин кӀант ЮшаӀ вер ву оцу лаьтта тӀе. Иза тӀечӀагӀве, хӀунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“.


Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios