Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 3:13 - Делан Йозанаш

13 Амма хӀора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чӀагӀлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хӀуманах Ӏеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 3:13
13 Referencias Cruzadas  

Ша-шех тешна Ӏаш волу стаг сонта ву, ткъа хьекъалаллица лелаш верг кӀелхьарвоккхур ву.


Овкъарна тӀаьхьаваьлла лела иза, Ӏехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргӀат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?»


Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“


ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш.


Къино, хӀара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Ӏехавалийтира, тӀаккха оццу весетаца со вен а вийра.


Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Ӏехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам.


Шуна хууш ду-кх, шух хӀора а, дас шен бераш санна, лелавора оха.


Иштта, хӀокху дешнех вовшашна синтем а беш Ӏе.


Цундела, хӀинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чӀагӀдала гӀо а де.


дӀакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегӀийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дӀакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гӀалаташ нисде, уьш галдевлча, дӀахаийта царна, уьш иракарахӀиттаде.


Ас доьху шуьга, динан вежарий, хӀокху иракарахӀотторан даше собарца ладогӀар, яздинарг башха дукха а дац.


Амма хӀора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Ӏеха а вой, дӀалоцу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios