Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 3:10 - Делан Йозанаш

10 Цундела, царна оьгӀаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 3:10
20 Referencias Cruzadas  

Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тӀехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара.


Дуьхьалволийла Дела Шен мостагӀашна, хӀаллакьхуьлийла Цуьнан мостагӀий. ДӀауьдийла Далла хьалхара Иза цавезарш.


Тхан дайн къинош бахьана долуш тхо жоьпе ма озадехьа, Хьайн къинхетам сиха гайтахьа тхуна, хӀунда аьлча тхан гӀора дӀадаьлла.


ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь».


ЧагӀаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагӀаро галбоху. ЧагӀаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хӀиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гӀуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу.


Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагӀа хилира: Иза Ша цаьрца тӀом беш дара.


Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа».


«Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цӀунах, ткъа гӀожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло. Цатешаме хиларан сино уьш тилийна. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, Делах дӀабирзина уьш.


Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара цу шинна.


ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира.


Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша.


Дела вовзар царна мехала хӀума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара.


Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза?


Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тӀе тоьхна мухӀар ма ду Иза, паргӀатдахаран денна тӀекхаччалц.


Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.


Харцделанаш дӀа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏамал еш дӀахӀоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios