Ӏебархошка 3:1 - Делан Йозанаш1 Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш. Ver Capítulo |
ХӀара кехат оха яздо Коринт-гӀаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага кхойкхурш а иштта тӀекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Ӏаш, Ӏийса церан а Веза Эла ву.