8 Дерриг а цуьнан когашка охьадилли Ахьа». Дерригенна а тӀехь цуьнга олалла дайтича, Дала цуьнан кара ца дерзош хӀумма а ца дитина. Ткъа цкъачунна тхуна ца го дерриг а цуьнан карахь хилар.
«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь, Сайн безачу лам тӀехь».
Стигалийн гуламан декъашхойл дукха лах ца дина Ахь адам, сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза.
Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Ӏибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц».
Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.
Ткъа Ӏийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хӀинца Далла тӀевоьдий а.
Дена Шен КӀант веза. Цо массо а хӀума Шен КӀентан кара дӀаделла.
ХӀунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хӀума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хӀума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хӀума дуйла.
Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агӀор, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц»?
ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина.
Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне.
Ӏийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агӀор Ӏаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.
Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.
билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,