Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 2:6 - Делан Йозанаш

6 Мелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина: «Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 2:6
16 Referencias Cruzadas  

Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гӀо дийр ду. Кху лаьтта тӀера Ша ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀонца деллачу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Цо».


Адам хӀун ду, Далла хьалха ша цӀена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта?


кхин а кӀезиг ду адам – нӀаьвцицигах а, нӀаьнах а терра бен вац адаман кӀант».


В еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву, Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац.


Дерриг а халкъаш Цунна хьалха хӀумма а яц. Уьш хӀумма йоцучу хӀуманал кӀезиг а, даьсса а лоруш ду Цуьнан.


Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хӀунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кӀантах?


«Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргӀатдаьккхина.


Вайн Делера болу кӀорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогӀур ву,


Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хӀиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гӀо дан».


Цхьана а хӀуманна тӀехь шайн вешина хьарам долу гӀуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агӀо лоьхуш ма хила, хӀунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таӀзар до. Шуьга иза дӀахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара.


Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхӀалгӀачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира».


Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».


Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гӀиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тӀаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios