Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 2:3 - Делан Йозанаш

3 таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 2:3
42 Referencias Cruzadas  

Дела ву тхо кӀелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Ӏаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах, хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кӀелхьардаьхна дела.


Цу дийнахь хӀордан кху йистехь бехаш болчу бахархоша эр ду: „Вайн шайх дегайовхо хилла а, Ашур-мехкан паччахьах кӀелхьардовла гӀо дехна а болчарна хӀун хилла хьажал! Вай муха девр дара кӀелхьар?“»


Сан нийсо гергакхочуш ю, Ас лун долу кӀелхьардаккхар новкъа даьлла ду. Ас-Айса нийсонца олалла дийр ду халкъашна тӀехь. ХӀордан йистера халкъаш хир ду Со варе сатуьйсуш, шайна гӀо ден долчу Сан куьйге хьоьжуш.


Бедар санна, нецано дӀабуур бу уьш, тӀаргӀа санна, нӀаьно дӀакхоллур бу. Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю, Сан кӀелхьардаккхар тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка кхочур ду».


Везачу Эло кхайкхадо дуьненан йистошка кхаччалц: «ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш! Хьажал, хьо КӀелхьарйоккхург ву вогӀуш! Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю“».


Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гӀоьртира. Цо гӀо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГӀуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тӀаьхьа, таӀзарх кӀелхьарвала?“»


Амма яхӀудхойн паччахь кӀелхьарвер вац, хӀунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».


Лаьхьанийн тӀаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу?


Цу хенахь дуьйна схьа Ӏийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохуш.


Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тӀаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Ӏийса Галилай-махка вахара.


Тхуна а оцу хӀуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тӀаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дӀасадаржочу наха.


Шен ялхочун Даудан тӀаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кӀелхьардаха,


«Ткъа хӀун хилла?» – хаьттира Ӏийсас. «Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И.


Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох».


ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза».


Исраилхой, ладогӀалаш соьга: Назартара Ӏийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХӀунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а кхочушйора.


Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла».


Цаьрга хьагӀ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кӀелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш?


Иштта гӀуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кӀелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг?


Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Ӏийсах тешнарш кӀелхьарбахар.


«ХӀинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цӀеххьана тӀедогӀу лазарш санна, цӀеххьана тӀедогӀур ду церан хӀаллакьхилар а. Уьш кӀелхьара а бевр бац.


«Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кӀелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву.


ХӀунда аьлча массо а адамашна кӀелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира.


Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,


Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?


ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина.


Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.


Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта.


Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догӀарна Делах ца къастийта.


Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.


иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву.


Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бӀаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Ӏотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара.


Амма аша, хьоменаш, дагахь латтаде вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалша хир ду аьлларг.


Цара айдинчу озаца бохура: «КӀелхьардовлар ду Ӏаршана тӀе хиъна Ӏаш волчу Делера а, Ӏахарера а!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios