Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 2:2 - Делан Йозанаш

2 Нагахь маликашкахула аьлла дош чӀогӀа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогӀарна а таӀзар деш а хилча,

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 2:2
29 Referencias Cruzadas  

Хьан безам дика болу дела, Веза Эла, со дӀахазахьа, Хьан боккхачу къинхетамалле хьаьжжина, соьгахьа схьаверзахьа.


Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгӀазалла йоьссира халкъана тӀе. Цо хала ун кхетийтира нахана.


Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара.


Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира.


Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара.


Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира».


ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца.


Ткъа цигахь шун Везачу Далла гӀуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кӀоршаме леларг вен веза. Иштта дӀадаккха исраилхошна юкъара зулам.


Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гӀалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь,


аша и зулам дина волу стаг я зуда гӀалин кевнашна арахула тӀе а валавай, иза валлалц цунна тӀе тӀулгаш кхисса.


„НеӀалт хуьлда хӀоранна а, хӀокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чӀагӀ ца дечунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“»


Сан хьехам, догӀа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогӀур ду, сеналлина тӀе догӀу дерз санна хир ду, бацана тӀе кхевсина догӀа санна хир ду.


Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,


Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.


Иштта шайн доьналлех ма доха, хӀунда аьлча цунах шуна доккха совгӀат лур ду.


Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.


Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а.


Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.


Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тӀе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Ӏуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц.


Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios