Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 2:18 - Делан Йозанаш

18 Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 2:18
16 Referencias Cruzadas  

Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла,


ХӀора дийнахь шайца Со Делан цӀийнан кертахь волуш, Суна тӀе куьг ма ца ойура аш. Амма хӀинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан».


Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш.


Шуна тӀедеана долу зер массо а адамна тӀехӀуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тӀехӀотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама.


Вайн сий доцу догӀмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегӀах а тардина. И дийр ду Цо массо а хӀума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.


Цундела хӀара массо а баланаш дӀакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тӀедогӀур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву.


Динан коьрта да хӀума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кӀеда хила тарло, хӀунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь.


Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кӀелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таӀзар а деш, латто а,


Шу охьаэгарх лардан а, цӀена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хӀотто а ницкъ бу Делан.


Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios