Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 2:15 - Делан Йозанаш

15 Ӏожаллех кхоьруш, дерриге а шайн дахарехь лоллехь баьхкинарш паргӀатбахархьама а.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 2:15
17 Referencias Cruzadas  

Массо а агӀор цунна тӀегӀерташ кхерамаш бу, иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш.


Шен хӀусаман паргӀатонера схьа а ваьккхина, къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза.


Царна массарна а Ӏуьйре – Ӏожаллин ӀиндагӀ санна ю, ткъа оцу ӀиндагӀан инзаралла царна евзаш ю.


Ц о Ша дог доьхначарна уллохь гойту. Дог диллина Ӏаш берш а Везачу Эло кӀелхьарбоху.


Со кхоьручу хенахь Хьох дегайовхо ю сан.


Хьайн къоркхокханан са акхаройн кара дӀа ма лохьа. ГӀело хьоьгуш долчу Хьайн халкъан дахар гуттаренна а диц ма дехьа.


Аша тӀеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тӀеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!»


Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргӀатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргӀатонехь хилийтархьама.


Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кӀелхьардехира тхо, Цо кӀелхьардохур а ду. ХӀинца чул тӀаьхьа а Цо кӀелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо.


Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугӀу те цу тӀехь долчуьнга?


ХӀунда аьлча Дала вайна кӀиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла.


ХӀунда аьлча, гуш ду-кх, маликашна гӀо ца до Цо, амма ИбрахӀиман тӀаьхьенна гӀо до.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios