Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 2:14 - Делан Йозанаш

14 И бераш дилханах а, даьӀахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Ӏожаллина тӀехь ницкъ болу иблис эшорхьама а,

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 2:14
32 Referencias Cruzadas  

ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь а мостагӀалла хир ду. Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».


Ӏожалла гуттаренна а дӀакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тӀера бӀаьрхиш дӀадохур ду. Дерриге а дуьнен тӀехь Шен халкъ емалдар дӀадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло.


Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Ӏожаллина дӀадаларна а, зуламхойх Иза дӀатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дӀа а даьхьира, зуламхошна тӀера доӀанаш а дора.


Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.


Эхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те? Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те? Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!


Цо аьллачунна дуьхьал Ӏийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамӀа, Юнин кӀант, хӀунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна.


ТӀаккха Шена аьрру агӀор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неӀалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цӀера юккъехь ю шун меттиг.


Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.


Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кӀен буьртиг лаьтта боьжча, хӀаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хӀаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо.


ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тӀехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла.


Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина.


Кху дуьненахь кӀезиг хета хӀуманаш а, сийсаза хета хӀуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хӀумма а доцу хӀума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хӀуманаш хӀумма а доцург хилийтархьама.


Динан вежарий! Аса хӀара эр ду шуьга: шайна чохь дилха а, цӀий а долуш долу вайн догӀмаш Делан Олалле кхача йиш яц. Ткъа иштта телхина дӀадолург телхар доцучуьнга кхача йиш яц.


Ша билгалъяьккхина зама тӀекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тӀе ваьккхина волу Шен КӀант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь,


Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дӀадаьккхина Цо. Ӏийса жӀарах дӀатохарехула царна тӀехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьӀаьржачу хӀиттийра Цо.


Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.


Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Ӏийса, вай КӀелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хӀинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тӀехь долу Ӏожаллин олалла дохийна Ӏийсас. Ша дӀакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Ӏожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо.


Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна.


Цундела дуьнен чу вогӀучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегӀ кечди Ахьа.


Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.


Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.


ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а.


Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дӀадаха Цо тӀеэцна Ӏожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама.


Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тӀаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа.


Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.


И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.


Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.


Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios