13 Кхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву». Кхин а: «ХӀара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».
Зударий а, бераш а гина, Ӏесава хаьттира: «ХӀорш муьлш бу хьоьца берш?» Якъуба элира: «Дела соьца дика а хилла, Цо хьан ялхочунна делла бераш ду уьш».
Юсупа дена жоп делира: «Уьш Дала суна кхузахь белла кӀентий бу». ТӀаккха Исраила элира: «Суна тӀе валаве и шиъ соьга декъалвайта».
Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КӀелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагӀех со кӀелхьарваьккхи Цо!
ТӀаккха цуьнан цӀа чуьра цуьнан зуда а хир ю, стом луш йолу кемсийн таьлланг санна. Оцу стага дӀадоьгӀначу зайт-диттан гаьннаш санна, цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах.
Даудан доӀа. Веза Эла, Хьоьгара нийсо лоьхуш волу со дӀа а хазий, тергамца сан тийжаме ладогӀахьа, харц йоцучу сан багара доӀа тӀеэцахьа.
Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу цара.
Ма дика ду-кх, Веза Эла, Хьуна хастамаш бар, Хьуна лерина эшарш лакхар, Веза Воккханиг,
Дела ву тхо кӀелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Ӏаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах, хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кӀелхьардаьхна дела.
Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гӀуда такхаран сагӀа дахь, тӀаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу.
Иза Делах тешна вара, тӀаккха Дала кху баланах кӀелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КӀант ву!“»
Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш.
ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох.