Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 2:1 - Делан Йозанаш

1 Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 2:1
25 Referencias Cruzadas  

Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушдан хьо гӀертахь, ахьа до гӀуллакхаш декъалдина хир ду. ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде.


Сан кӀант! Хьекъалалла а, хӀума къасторан хьуьнар а Ӏалашде. Хьайна уллора уьш гена ма довлийта.


Ас хашадхой гӀовттор бу, къиза а, эргӀада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Ӏаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама.


Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тӀекхочур бу, хьан сийнна тӀе юьхьӀаьржо йогӀур ю.


ХӀинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта.


БӀаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догӀу те шуна,


Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу».


«Дика ладогӀалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КӀант нехан кара лур ву».


ТӀаккха тӀулгаш схьаийцира цара Ӏийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цӀийнан кертара дӀавахара.


Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара, Ӏамал ян цхьана хӀуманан вастехь цӀу-деланаш шаьш барх а.


Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бӀаьргашна гина гӀуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дӀа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дӀадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а.


Делан кӀентий долчу шуьга, шу иракарахӀиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таӀзарна гӀайгӀане а ма вожа.


Со шух къаьстинчул тӀаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас.


ХӀара шолгӀа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тӀехь шун цӀена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios