Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 13:6 - Делан Йозанаш

6 Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча, со хӀуманах а кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?»

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 13:6
29 Referencias Cruzadas  

И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».


Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга:


Дог доьхначарна дарба деш ву Иза, церан чевнаш йоьхкуш ву.


Хьайн халкъ кӀелхьара а даккха, Хьайн тӀаьхье декъал а е. Церан Ӏу хилахьа, уьш даим Ӏалаш а беш.


Ч ӀогӀа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а, амма массо а халонех Везачу Эло иза кӀелхьарвоккхур ву.


мостагӀчун аз хазарна а, Ӏесачара суна гӀело ярна а, хӀунда аьлча цара суна дуьхьал зулам а леладо, уьш дераллица дуьхьал а бевлла суна.


Цо, стигалара гӀо а даийтина, со кӀелхьарвоккхур ву, со лаца гӀерташ берш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу. Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду.


Мекара ойланаш а еш, цара олу: «Говза хьесап дина оха». Адаман кийрахь а, дага чохь а дерг къайлаха ма ду!


Вукху кӀентан цӀе ЭлиӀазар яра (и цӀе «Дала суна гӀо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гӀо а дина, пирӀунан туьрах со кӀелхьарваьккхина».


Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду. Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.


Ма кхера, гӀийла а, кӀезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гӀо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргӀатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. –


Ма кхера шайн дегӀ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегӀ а, са а жоьжахатехь хӀаллакдан йиш Йолчунах.


ХӀун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?


Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн.


«Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.


Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу, ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».


Иштта, вежарий, Ӏийсан цӀий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цӀийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн.


Ӏийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гӀантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гӀо дайтархьама.


Цо элира: «Ма кхера. Сан ден Шаулан куьг хьуна тӀекхочур дац. Исраилан махкахь паччахь хир ву хьо, ткъа со хьуна уллохь шолгӀа меттиг дӀалаьцна хир ву. Сан дена Шаулна иза хууш ду».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios