Ӏебархошка 13:5 - Делан Йозанаш5 Ахчанна тӀаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со». Ver Capítulo |
Иштта, шен кӀанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дӀадоладе и гӀуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хӀунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цӀа дӀахӀоттош ахь дан деза гӀуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц.