Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 13:23 - Делан Йозанаш

23 Цхьа кхаъ бу шуна: вайн ваша Тимапи паргӀатваьккхина. Иза кестта схьавагӀахь, цуьнца цхьаьна суна шу гур ду.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 13:23
10 Referencias Cruzadas  

Ткъа хӀинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гӀуллакх дан.


И гӀуллакх чекх а даьккхина, сагӀина гулдинарг царна билггал дӀакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гӀала чувоьрзур ву.


Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а яздо


Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гӀуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чӀагӀдалийта а, Делах тешаран гӀуллакхна тӀехь шун дегнаш иракарахӀитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла.


Тешарца боьзна болчу дикачу тӀамехь хьуьнарца тӀом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тӀеэца гӀерта. Цу дахарна Дала хьо тӀекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.


Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дӀакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега.


Оха, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гӀуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а,


Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга. Хьайн хьешан чоь кечъелахь суна. Шун доӀанашна жоп а луш, со шу долчу дика дӀакхочур ву аьлла, дегайовхо ю сан.


Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТӀаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цӀан а дина, Ӏахаран цӀийца кӀайдина.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios