18 Тхох лаций доӀанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цӀена хиларх, хӀунда аьлча массо а хӀуманна тӀехь хьанал хила гӀерта тхо.
Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахӀала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цӀеначу дагца ваьхна ву со».
Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гӀерта со Далла а, нахана а хьалха догцӀена хилархьама.
Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гӀерталаш.
Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тӀера а ца довлуш, малар тӀех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хӀума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагӀ а йоцуш.
Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тӀера Деле чӀогӀа доӀанаш дар.
Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тӀехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцӀена а, хӀумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара.
Ткъа хӀинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цӀена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е.
Иштта тхуна тӀера а доӀанаш де Деле, Цуьнан дош дӀакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дӀайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дӀакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь.
Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тӀехь а цхьаннан а гӀо оьшуш а хир дац шу.
Динан вежарий! ДоӀанаш делаш тхуна тӀера.
Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дӀасабаржийта а, лоруш тӀеэцийта а тхуна тӀера доӀанаш делаш.
ЦӀеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дӀабехкаран Ӏалашо.
Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тӀаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гӀуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь.
Ларам болуш а, таьӀна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тӀаккха шуна тӀехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цӀена ду гича.
ХӀинца шу кӀелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма цӀеначу дагца Деле йина чӀагӀо ю. Дала леррина къобалвина Ӏийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кӀелхьардоху.