Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 13:17 - Делан Йозанаш

17 Шайн куьйгалхоша бохург а де, царна муьтӀахь а хила, хӀунда аьлча уьш массо а хенахь шун гӀайгӀа беш бу, Далла хьалха шайн шух жоп дала деза дела. Шаьш деш дерг хазахетарца дойла цара, даккхий синош а ца дохуш. Иза иштта ца хилахь, шуна цхьа а пайда бац.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 13:17
34 Referencias Cruzadas  

Везачу Элан Малико элира ХӀажаре: «Хьайн хӀусамнана йолчу цӀа а гӀой, цуьнга ладугӀуш хила».


Веза Эла волчу юха а веана, Мусас элира: «Цу халкъо доккха къа латийна, Шайна дашо дела а вина.


Суна ца лаьара сайн хьехархойн аз хаза, цара бохучуьнга аса ла а ца дугӀура.


Хьан пенаш тӀехь хехой хӀиттор бу Ас, Ярушалайм. Уьш дийнахь а, буса а тийна хир бац. Шу, Везачу Эле кхойкхуш дерш, дист а ца хуьлуш ма Ӏелаш.


Нагахь аша Везачу Эле ла ца догӀахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бӀаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дӀадигна хиларна.


«Адаман кӀант! Хьайн къомах болчаьрга дӀаала: „Нагахь санна Аса цхьана махкана тӀе тӀом хьажабахь, наха шайна юкъара цхьа гӀаролхо харжа мега.


Урхалхо тӀе а кхайкхина, хӀусамдас хаьттина: „И хӀун ду суна хьох лаьцна хезаш дерг? ДӀа а гӀой, хьайн балхах жоп дала кечам бе, кхин дӀа хьоьга урхалла ца дойту ас“, – аьлла.


Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе.


Иштта, Далла хьалха вайх хӀораммо а ша-шех жоп лур ду.


уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гӀуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтӀахь хилалаш.


Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтӀахь хилалаш.


Шуна массарна тӀера айса мел до доӀа даим хазахетарца до аса,


Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама.


дахар луш болу кхаъ царна дӀа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хӀунда аьлча тӀаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар.


Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тӀеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш.


ХӀунда аьлча дукхахберш Дала леррина Къобалвинчун жӀаран мостагӀий санна лелаш бу. Аса сих-сиха дуьйцура шуьга царах лаьцна, ткъа хӀинца-м, бӀаьрхиш а Ӏенош, дуьйцу аса.


Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хӀинцца ма-дийццара, чӀогӀа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.


Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта.


Ӏийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тӀехь а, хьехамаш барна тӀехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза.


Шайн массо а куьйгалхошка а, берриге Делан нахе а маршалла ло. Италерчу динан вежаршкара маршалла ду шуьга.


Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта.


Цундела Далла муьтӀахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тӀаккха иза шух додур ду.


Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтӀахь а долуш де гӀуллакх, хӀунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».


Амма наха Шамъале ла ца дуьйгӀира. Цара бохура: «ХӀан-хӀа! Тхуна тхайна тӀехь куьйгалла дан паччахь веза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios