16 Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хӀунда аьлча иштта сагӀанаш Далла тамехь ду.
ХӀунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла. Суна тӀехь долу Хьан куьг а дазделла.
И хезча, Ӏийсас элира: «Кхин цхьа хӀума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
Ӏийсах тешаш а йолуш, Яппи-гӀалахь Ӏаш Тавита цӀе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цӀе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагӀа луш а стаг яра.
Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тӀеэцалаш.
Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.
Ткъа Делан дош тӀеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга.
ХӀума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТӀаккха мискачунна кховдо хӀума а хир ю цуьнан.
Делахь а аша дика гӀуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна.
ХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву.
Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.
Ткъа аша, динан вежарий, дарх кӀорда а ца деш, диканиг де.
Хазаниг дар а, дика гӀуллакхаш шортта дар а тӀедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.
Аса доӀа до Ӏийсах тешачаьрца хьан йолу юкъаметтиг кхин а кхоччуш хилар доьхуш, Дала леррина Къобалвинчун сийдархьама вай дан мегаш мел долу дика хьуна хаа а хууш.
ХӀунда аьлча нийса доцург дац Делехь. Цунна дицлур дац шун гӀуллакхаш а, аша Цуьнан нахана тохара а, хӀинца а гӀодарца Цуьнга гайтина болу безам а.
Хьоме доттагӀа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гӀуллакхаша гойту – иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гӀуллакхаша гойту – цунна Дела гина ца хилар.