Хьузакх-ЯхӀус, вист а хуьлуш, элира: «ХӀинца аша шаьш Везачу Элана лерина дӀакъастор чекхдаьлла. Дуьло, Везачу Элан цӀа долчу бертан а, баркаллин а сагӀанаш даладе». ТӀаккха халкъан гуламо бертан а, баркаллин а сагӀанашна дийнаташ даладора. Шен даг чохь лаам болчу хӀораммо а дагоран сагӀанаш даха дийнаташ даладора.