Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 13:14 - Делан Йозанаш

14 Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 13:14
18 Referencias Cruzadas  

ХьалагӀовтта, дӀагӀо, хӀунда аьлча хӀара мохк – синтем болу меттиг яц. Цо лелош йолу хьарамлонаш бахьана долуш, къиза бохор болуш бу иза.


Динан вежарий! Аса хӀара боху шуьга: хан кӀезиг йисна, цундела хӀинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза.


Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел.


И бохург ду, шу хӀинца вовшашна хийра а дац, тӀедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду.


Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КӀелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай.


Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дӀадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хӀунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дӀаер йоцу а хазна шайн юйла.


Амма шу тӀедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гӀала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн


«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.


Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне.


Делан халкъана ворхӀалгӀачу дийнан синтем хӀетте а буьсу.


Дала леррина Къобалвинарг веара, хӀинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац).


Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.


Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios