13 Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тӀе а лоцуш.
Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Суна тӀаьхьахӀотта лууш болчара шайн „со“ бохург дӀататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тӀаьхьахӀитта а беза.
ХӀорш дӀабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамӀа цӀе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара.
«Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тӀаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь.
Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цӀе бехъечу хенахь, Адамийн КӀантах шу тешна дела.
ТӀаккха Ӏийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, хӀора дийнахь шен баланийн мохь тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза.
Векалш кхеташонера арабевлира, Ӏийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш.
Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гӀорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тӀаьхьабовларна а, цатемашна а, хӀунда аьлча со гӀорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.
Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.
тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.
Къинош летийначу нахера сел чӀогӀа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а.
Къинна дуьхьал а девлла, цӀий Ӏаннол чӀогӀа латар ца хилла шун хӀинца а.
Ткъа хӀинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гӀуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш.