Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 13:11 - Делан Йозанаш

11 Къинах долчу сагӀина дайинчу дийнатийн цӀий динан коьртачу дас Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 13:11
13 Referencias Cruzadas  

СтаргӀин жижиг а, неӀ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагӀа ду.


Къинойх долчу сагӀина лерина старгӀа схьа а эций, ягае иза ха долчу меттигехь, Делан цӀенна арахь.


Делан четаран уггар езачу чоьнна чохь къинош дӀадаха цӀий даьккхина йолчу, къинан сагӀина йийначу старгӀин а, божан а чархаш, меттаматтал арахьа а яьхна, церан неӀарш а, жижиг а, боьхаллаш а яго еза.


Цул тӀаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте, чим дӀабахьа беза цо.


Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дӀадахархьама, къинах долчу сагӀин цӀий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагӀа даа мегар дац. Иза цӀера тӀехь даго деза».


ткъа жижиг а, неӀ а цӀера тӀехь дагийра, меттаматтал ара а даьккхина.


КӀенташа цӀий деара АхӀаронна тӀе, цу чохь шен пӀелг а башийна, кхерчан маӀашна тӀе хьаькхира цо, ткъа дисина цӀий кхерчан буьхе охьадоьттира.


Динан да волчу ЭлиӀазаре дӀало и етт. Цо, иза меттаматтана арахьа йолчу метте а бигна, шена хьалхахь цунна урс хьокхуьйтур ду.


Шена тӀера хӀума а йиттина, шен дегӀ хица цӀан а дина, меттамотт болчу юхаверза веза динан да. Иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios