Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 12:9 - Делан Йозанаш

9 Нагахь вайна таӀзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чӀогӀа муьтӀахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама?

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 12:9
28 Referencias Cruzadas  

Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хӀуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а.


Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.


Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.


ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегӀ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.


Хьалдолу Эла, Хьан дешнашца Ӏаш ма бу нах, сан синан дахар Ахь мел дечуьнца доьзна ма ду. Ахь со товеш ву, Ахь суна дахар а лур ду.


Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дӀасаяржийначу а, латта а, цунна тӀехь долу массо хӀума а дӀасадаржийначу а, цунна тӀехула лелачу адамашна садеӀар а, дахар а лучу а Везачу Дала:


Декъаза ву дега бохуш верг: «И мила ву, ахь дуьнен тӀе ваьккхинарг?» Я нене бохуш верг: «И мила ву, ахь винарг?»


Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгӀазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гӀеллур дара, Ӏаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара.


Ярушалайман бахархоша шайн дай-наний емалдо, кхечу мехкашкарчу нахана гӀело йо, бисина Ӏаш болу зударий а, бобераш а ледо.


ХӀора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву.


Исраилан халкъах болу хӀара хаам Везачу Элера бу. Стигал дӀасаяржийна волчу, латта чӀагӀдина волчу, адамна чу са кхоьллина волчу Везачу Эло боху:


«КӀанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догӀу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богӀу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цӀе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цӀе?“


Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгӀазгӀур ву те?»


«Ва Веза Эла, муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела, хӀокху халкъана тӀехь куьйгалхо хила везарг къобалвехьа,


«Цхьана гӀалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла.


Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Ӏийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а,


Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу.


Иза пайхамар вара. Дала цунна чӀагӀо йинера, цуьнан тӀаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла.


И хаза кхаъ Делан КӀантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хӀух схьаваьлла ву.


Дала леррина Къобалвинчух со дӀакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу


Вайн сийлахьчу дайн тӀаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хӀуманна тӀехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!


„НеӀалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“


Везачу Элана муьтӀахь хила, Цо ойур ду шу.


Цундела Далла муьтӀахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тӀаккха иза шух додур ду.


Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кӀел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу.


Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios