7 Шаьш нисдеш долу таӀзар ла, хӀунда аьлча оцу таӀзар даро гойту, Далла шу кӀентий санна хетар. ХӀунда аьлча дас нисдеш долу таӀзар даза кӀант хир а вуй?
Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таӀзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таӀзар дийр ду Ас цунна.
Дас цкъа а, иза я важа хӀунда леладо ахьа аьлла, ца хоттура цуьнга. Адан-ЯхӀу чӀогӀа хаза вара. Иза Абушаламал тӀаьхьа вина вара паччахьна.
Сара кхоабеш волчунна шен кӀант ца веза, амма шен кӀант везачо иза таӀзар дарца нисво.
ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Ӏожаллина бехке хир ву хьо.
Шен даг чуьра дуьйна бер сонта хӀума дан кийча ду, амма таӀзаран серо цунна тӀера дӀалоллур ду иза.
ГӀожо а, нисваро а хьекъалалла ло, амма дӀатесна дитина бер ненан юьхьӀаьржо ю.
ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, тӀаккха цо хьо марша Ӏойтур ву. Хьан даг чохь сакъерар хуьлуьйтур ду цо.
Цигахь, мурдаш дегнашца чӀагӀбеш, шайн тешарехь чӀогӀа хила бохуш, Ӏамабора цара. «Вай лан езаш дукха халонаш ю Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хилале», – бохура цара.
Ткъа вайна тӀехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таӀзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама.
Шайн дагахь хилийталаш, шун Везачу Дала, дас шен кӀант санна, шу Ӏамош дуйла а, нисдеш дуйла а.
ХӀунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагӀанийн дакъошна тӀе когаш, Аса Сайн цӀенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагӀанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кӀентий буза а беш, ахьа Со дӀатеттина“».
Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тӀекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кӀант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву.
Аса цуьнга аьлла ду, цуьнан цӀенна тӀехь массо а тӀейогӀучу ханна таӀзар дийр ду аьлла, хӀунда аьлча цо шен кӀенташа лелош долчу къинойх лаьцна а, цара лелош долчу дастамечу хӀуманех лаьцна а шена хуъушехь, уьш саца ца бина дела.