3 Къинош летийначу нахера сел чӀогӀа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а.
Вон тӀедеанчу дийнахь хьо доьналлех воьхнехь, хьан ницкъ билггал кӀезиг бу.
Хьалдолчу Эло Ӏеминчеран мотт белла Суна, гӀелвеллачунна гӀо даран дош суна довзийтархьама. ХӀора Ӏуьйранна Цо самавоккху Со, дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогӀийта.
Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гӀуллакхаша».
Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дӀалелхадо церан эла волчу БаӀал-Зебула-жинан гӀоьнца».
«Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда талхадо? Цара хӀума яале хьалха куьйгаш цӀандаран Ӏадат кхочуш хӀунда ца до?!»
Иза, Делан цӀийнан керта а веана, нах Ӏамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»
Иза схьалаца дагадеара царна, амма Ӏийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хӀуьттура.
ТӀаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Ӏийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш.
Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хӀума яа ваханера Ӏийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга.
Парушхой а, Ӏелам нах а резабоцуш, гӀовгӀа еш бара: «ХӀокху стага къинош летийна адамаш тӀе а оьцу, цаьрца хӀума а йоу», – бохуш.
Ахча дукха дезаш болу парушхой и дерриг а хаза а хезаш, Ӏийсах боьлуш бара.
ШамӀас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХӀара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хӀаллакьхилархьама а, кӀелхьарбахархьама а. ХӀара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу.
ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»
Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хӀунда дугӀу аша?»
Ӏийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гӀаролхочо, Ӏийсан юьхь тӀе тӀара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?»
Цундела, Ӏийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Ӏийсана дуьхьалбевлира.
Нахана юкъахь дукха хабарш дара Ӏийсах лаьцна хезаш. Цхьаболчара: «Иза дика стаг ву», – олура, ткъа кхечара: «ХӀан-хӀа вац, Цо нах лебо», – олура.
ТӀаккха парушхоша элира Цуьнга: «Айхьа-Хьайх тоьшалла до Ахь, цундела Хьан тоьшалла кхоччуш дац».
ЯхӀудхоша элира Ӏийсага: «ХӀинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХӀунда аьлча ИбрахӀим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац.
ТӀаккха тӀулгаш схьаийцира цара Ӏийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цӀийнан кертара дӀавахара.
Ӏийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бӀаьрзе?»
Сан хьоме динан вежарий! ЧӀагӀлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гӀуллакхех дуьззина хилалаш, хӀунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гӀуллакх эрна довр доцийла.
Делан къинхетамца оцу тайпана долу гӀуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац.
Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догӀмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу.
Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош.
„ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш!
Ткъа аша, динан вежарий, дарх кӀорда а ца деш, диканиг де.
тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Ӏийсана тӀе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жӀара тӀехь валар лайра, эхь тӀе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хӀинца Иза Делан паччахьан гӀантана аьтту агӀор, баьрччехь, хиъна Ӏаш ву.
Делан кӀентий долчу шуьга, шу иракарахӀиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таӀзарна гӀайгӀане а ма вожа.
Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.
Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дӀалора.
Шу доьналла долуш ду, Сан дуьхьа аша баланаш хьийгира, амма шу ца дуьйхира.
Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тӀе а дерзадай, Цунна гӀуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гӀуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш.