29 хӀунда аьлча «вайн Дела массо а хӀума дӀахьулъеш йолу цӀе ю».
Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара а елира, догуш долу кӀегий охьаэгара цу чуьра.
Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна. Хьайн боккхачу къинхетамца дӀадахахьа сан къинош.
Цо биц ца бина Шен хедар боцу безам а, Исраилан халкъана Ша тешаме хилар а. Лаьттан массо а маьӀӀера болчу нахана дӀагина вайн Дала Шен халкъ кӀелхьардаккхар.
Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш. Хьайн оьгӀазалла царна тӀе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш.
Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цӀе санна, догу Везачу Элан олаллин нур.
Цийон-лома тӀехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Ӏеса нах бегош бу: «Вайх мила Ӏалур ву дерриг а дӀакхоллучу цӀерана уллохь? Вайх мила Ӏалур ву йовр йоцучу цӀерана уллохь?»
Веза Эла цӀергахь вогӀур ву. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгӀазалла дераллица тӀеюттур ю, ткъа Шен къемат – цӀеран алунашца.
Везачу Элан дералла бахьана долуш, машаре йолу дежийлаш яссийна хир ю.
Сайн эмгараллица, Сайн дераллин цӀерца Ас чӀагӀо йо, оцу дийнахь Исраил-махкахь чӀогӀа мохк бегор бу аьлла.
«Со хьоьжучу хенахь паччахьан гӀанташ дӀахӀиттийра. Цу гӀантех цхьанна тӀе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кӀайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цӀеначу кхакхана тӀера чоьш санна яра. Иза тӀехиъна гӀант цӀеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цӀе яра.
Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгӀазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цӀе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цӀеро.
Везачу Элера цӀе йоьссира, цо дӀакхаьллира хаза хьожа йогӀучу сегӀазан сагӀа доккхуш волу ши бӀе шовзткъе итт стаг.
Везачу Элах кхерар хӀун ду тхайна хаьа дела, адамаш кхето гӀерта тхо. Далла тхох лаьцна дерриг а хаьа. Тхох лаьцна долу дерриг а шуна а хууш хиларе сатуьйсуш ву со.
ХӀунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хӀума ягийна дӀайоккхур йолу цӀе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву.
Ткъа хӀинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цӀеро санна, дерриг а дӀакхоллург волу. Цо уьш хӀаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дӀа а лохкур бу, хӀаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара.
ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Ӏийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цӀарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.
Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Ӏийсах болу хаза кхаъ тӀе ца эцначарна а дӀадоькхур ду Цо.
Дуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагӀий дӀакхоллу йолу цӀе а тӀеяре кхерамца хьежар.
Мел кхераме ду дийначу Делан буйна вахар!
Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хӀинцалера стигалш а, латта а даго Ӏалашдеш ду, къематан а, Ӏеса нах хӀаллакбен а де тӀекхаччалц.