Ӏебархошка 12:28 - Делан Йозанаш28 Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тӀеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Ӏамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш, Ver Capítulo |
Цуьнан олалла дӀасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тӀаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дӀа а хӀоттийна, цунна тӀехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хӀинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза.