Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 12:26 - Делан Йозанаш

26 Цу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хӀинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Ӏаш, стигал а егор ю».

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 12:26
12 Referencias Cruzadas  

Берриг а Синай-лам кӀуьро дӀалаьцнера, Веза Эла цӀергахь шена тӀе воьссина дела. ЧӀогӀа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура.


Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чӀогӀачу оьгӀазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду.


Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача.


«Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта шун тӀаьхье а, цӀе а даим юьсур ю.


Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чӀагӀо хилла дӀахӀуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гӀап санна хир ву Иза.


Хьо гича, лаьмнаш дегадо. Стигалара хиш охьахьовду. КӀоргачу хӀордо шен аз схьахозуьйту, леккха шен куьйгаш хьала а ойу.


«ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Зурбабеле иштта дӀаала: „Аса стигалш а, латта а дегор ду.


Ас харцор ду паччахьийн гӀанташ, хӀаллакбийр бу хийрачу пачхьалкхийн ницкъ. Ас гӀудалкхаш а, царна тӀе хевшинарш а харцор бу. Говраш охьаоьгур ю, церан дошлоша вовшийн таррашца хӀаллакбийр бу.


«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дӀадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама.


Веза Эла, Хьо, СеӀирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогӀучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тӀадамаш ледош яра, мархаш догӀа Ӏенош яра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios