Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 12:25 - Делан Йозанаш

25 Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дӀа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тӀехь къамел дечуьнга ла а доьгӀна, уьш а кӀелхьара ца бевллехь, вай муххале а кӀелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дӀадерзахь.

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 12:25
36 Referencias Cruzadas  

Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугӀийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой. Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара.


Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тӀера дӀа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гӀуллакх деш, царна корта беттахь,


Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоӀу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгӀачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цӀахь Ӏе, ворхӀалгӀачу дийнахь ара ма довла».


Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш.


Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Ас сайн куьг шуьга дӀакховдийра, амма соьга ладугӀуш стаг вацара.


Боданера нах хӀаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дӀаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна.


ЮьхьӀаьржо а, къоьлла а хир ю тӀехбеттам тӀе ца оьцучу стагехь, амма ша нисвойтуш волчу стеган сий хир ду.


Шега бехк баккхар дӀатоттучун шех дог долу, ткъа ша нисваре ладугӀучунна хьекъалалла карадо.


ЛадогӀа хӀокху хьехамашка, хила хьекъале, цунна уллора дӀа а ма довла.


Хьуна хезна и дерриг а, хьажал цу тӀе! Ахьа тӀе ца лоцу иза? ХӀинца дуьйна Ас керлачу хӀуманех лаьцна дуьйцур ду хьуна. Ас йовзуьйтур ю хьуна хьалха ца евзина йолу къайленаш.


Веза Эла, ма гӀохьа оьгӀаз барам боцуш, абаденналц тхан къинош дагахь а ма латтадехьа. Схьахьажахьа: тхо массо а Хьан халкъ ма ду.


Айса аьллачуьнга ладогӀарх дӀакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал йора цара. Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра.


Ур-атталла кхечу къаьмнел а, гонах мел долчу халкъел а Ярушалайман бахархой Сан тӀедехкинаршна, Сан парзашна а дуьхьалбевллера. Сан тӀедехкинарш цара дӀатеттира, ткъа Сан парзаш лар ца дора цара».


Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дӀабоьрзура уьш, шайн лергаш дӀакъовлура цара, Со шайна ца хазийта.


Нагахь санна шу Везачу Элах дӀадерзахь, Цо юха а дерриг а хӀара халкъ яьссачу арахь дуьтур ду, ткъа шу бахьана долуш, царна тӀе бохам богӀур бу».


Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!»


«ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».


Иза исраилхоша тӀе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хӀоттийна тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хӀинца хьаькам а, адам паргӀатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гӀуллакх.


Сайн Пайхамарехула Ас бохучуьнга ла ца доьгӀначуьнгара Ас жоп доьхур ду.


Нагахь санна, шун дог юха а даьлла, аша ла ца догӀахь, кхечу деланашна Ӏибадат дархьама а, царна гӀуллакх дархьама а шу дӀаозор ду кхечара,


Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Ӏаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цӀе а гайтина шуна, цӀеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна.


Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.


Билггал бакъболчу хьехамах дӀа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш.


Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,


Тешар хиларна, цу хенахь хӀинца а ган йиш йоцуш долу хӀума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кӀелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тӀаьхьало елла цунна Дала.


локхучу маӀан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш.


Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.


Хьанна оьгӀазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьӀахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгӀаз?


Цара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ӀиндагӀ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тӀехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а».


Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу ГалӀад-махка баьхкина, цара элира:


«Везачу Элан дерриге а халкъо а хоьтту: „Исраилхойн Далла хьалха хӀун зулам ду аша динарг, Везачу Элана тӀера дӀа а дирзина, шайна сагӀа доккху кхерч а бина, Везачу Элан дуьхьал а девлла?


Бакъдолчунна муьтӀахь хиларна, шайн синош а цӀандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хӀинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!


Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».


Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios