24 керлачу бертан Юкъарлонча волчу Ӏийсана, Хьабулан цӀийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тӀехьорсучу цӀийн цинцашна.
ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.
Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», – элира цо.
ХӀинца тидам бе, Суна тӀедуьйла! ЛадогӀа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна.
Везачу Элана хьалха старгӀина урс хьакха деза цу стага, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагӀа доккхучу кхерчана массо а агӀор тӀетоха деза цу бежанан цӀийн цинцаш.
Шуна тӀехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цӀий, аша Ӏанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тӀера дӀадолийна Барак-ЯхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀуна тӀекхаччалц, Делан цӀенний, сагӀа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу.
иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу!
Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу.
Хьабулна тӀера Делан цӀенний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхӀуний тӀе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.
Шаьш пхьор диина девлча, Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Ӏанор долчу Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара.
Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву!
Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Ӏийса ву.
ЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина.
Тешар хиларна, нахе Пасахьан деза де кхочушдайтира цо, цӀийн цинцаш неӀаран гурашна тӀе а деттийтира цо, исраилхойн дуьххьара хилла бераш мулкалмоте хӀаллак ца дайта.
Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а.
Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,
Цунах гуш ду Ӏийса тоьллачу бертан закъалт хилар.
Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дӀадолу.
Кхечу динан дайшка деллачул а Ӏийсага делла динан гӀуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гӀолехь бу, иза тоьллачу чӀагӀонашна тӀехӀоттийна болу дела.
Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТӀекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан цӀийнаца а, ЯхӀудан цӀийнаца а керла барт бен долу.
Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дӀадаха Цо тӀеэцна Ӏожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама.
Товрат-хьехам тӀера парзаш дерриг а халкъана хьалха дӀа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цӀий а, цӀен тӀаргӀа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тӀе цинцаш туьйхира Мусас.
Иштта Делан четарна а, Далла Ӏамал ечу хенахь мел лелочу пхьегӀашна а тӀе цӀийн цинцаш туьйхира цо.
Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана муьтӀахь а хилла, Цуьнан цӀийца шу цӀиндалийта. Делан дика а, синпаргӀато а шорта хуьлда шуна!