Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏебархошка 12:23 - Делан Йозанаш

23 самукъанечу гуламна, стигалшкахь цӀераш дӀаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна,

Ver Capítulo Copiar




Ӏебархошка 12:23
45 Referencias Cruzadas  

Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»


Везачу Элана бу хастам! А лсам декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг, баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг.


Хьан оьгӀазалло хӀаллакдо тхо, Хьан дераллах тхо кхоьру.


Хастамаш барца Цунна хьалха хӀуьттур вай, даккхийдерца эшаршкахь Цуьнга кхойкхур вай.


Вазвейша вайн Веза Дела! Ӏибадат дейша Цуьнан безачу лома тӀехь, хӀунда аьлча веза ву вайн Веза Дела.


«Исраилхойн хӀора хьалха вина кӀант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду».


ХӀинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дӀавайалахь Айхьа тӀеязвинчу Хьайн тептар тӀера».


ДӀаала пирӀуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кӀант ву, Сан дуьххьарлера бер ду.


ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегӀ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.


Белха а боьлхуш, уьш схьабогӀур бу, доӀанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дӀабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хӀунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».


Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цӀераш Дала стигалшкахь дӀаязъярх даккхийде».


Иза Адамийн КӀант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара.


Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе.


Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара.


Лаьттарчу поппарх вина волчун вастехь вай ма-хиллара, стигалшкарчун вастехь а хир ду вай.


ТӀаккха хӀара телхар долу дегӀ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хӀара лен долу дегӀ цкъа а лийр доцуш дӀа а хӀоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тӀехь яздинарг: «Ӏожалла дӀа а кхаьллина, толам баьккхина».


Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегӀана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Ӏаш хилар гӀолехь ма хета тхуна.


Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хӀуманна тӀехь коьртаниг хилийта.


Ца езачу зудчун кӀант цо дуьххьарлера кӀант лара веза. Шен мел долчу хӀуманан ши дакъа цо цунна дӀадала деза, хӀунда аьлча иза цуьнан ницкъан юьхьиг ю. Дуьххьарлера доьзалхо хиларан бакъо цуьнан ю».


Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагӀ, гӀо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тӀехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина ю.


стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву.


Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хӀинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегӀа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьахӀиттинчара Цуьнан дегӀан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегӀ – Ӏийсах тешачу массеран а тоба ю.


Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш?


Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а.


Дала вайна цхьа тоьлла хӀума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.


Цо боху: «Хьан цӀе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса, Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха».


ХӀора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хӀоттар тӀехь ма-хиллара,


Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта.


Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дӀалора.


Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.


Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама.


Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.


ТӀаккха царна хӀоранна а кӀайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кӀеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Ӏийсана гӀуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц.


Цо пхоьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, сагӀа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios